Перевод на чеченский язык знаменитой сказки Братьев Гримм «Бременские музыканты».
Перевод Тамара Чагаева.
Иллюстрации художника Ларисы Пароевой.
Цхьана заманахь вехаш-Iаш хилла цхьа хьархо. Цуьнан Iаламат чIогIа дика вир хилла. Ницкъ болуш хиларал а сов, иза чIогIа хьекъале дийнат хилла. Дуккха а белхаш бина виро хьерахь, шен букъ тIехь дама чохь долу галеш дIаса а кхоьхьуш. ТIаьххьара а иза къанъелла.
Хьархочунна гуш хилла виран гIора дIадаьлла хилар а, иза балхана кхин пайденна цахилар а. Цундела цо иза, кех а яьккхина, дIаэккхийна.
Кхераелла вир. Цо ша-шега бохуш хилла: «Со стенга гIур ю? Со мичахь Iийр ю? Со къан а елла, сан гIора а дIадаьлла», — бохуш.
Цул тIаьхьа цунна дагадеана: «Бремен-гIала яха еза со – цигахь урамнекъашкахула эшарш а лоькхуш, лелар ю со».
Цо иштта дан а дина – иза Бремен-гIала яха новкъаяьлла.
Новкъахула, вирах а Iоьхуш, дIайоьдуш хилла иза. ЦIаьххьана цунна гина некъа тIехь Iуьллуш долу таллархойн жIаьла. Иза, мотт ара а баьккхина, хала са а доьIуш, Iуьллуш хилла.
— Хьо хьуьхьдоьлла Iуьллуш ма ду, хьуна хIун хилла? – аьлла, хаьттина виро жIаьлига.
— КIадделла со, — аьлла жIаьло. – Дехха дедда деана со, цундела кIад а делла.
— Хьо хIунда догIура цу тайпана дедда? – хаьттина виро.
— Къинхетам бехьа сох, вир, — аьлла, дехар дина жIаьло. – Еххачу хенахь таллорхочун хIусамехь Iийра со. Аренашкахула а, уьшалш чохь а лийлира со, цо лаьцначу экханашна тIаьхьадаьлла. Ткъа хIинца со къанделла, толлуш лела таро а яц сан. Цундела хIусамдас со ден сацам бина. Цундела со иза волчуьра дедда арадаьлла. ХIинца айса хIун дийр ду а ца хаьа суна.
— Дало соьца, Бремен-гIала гIур ду вайша, — аьлла виро. – Цигахь урамнекъашкахула эшарш а лоькхуш, лелар ду вайша. Ахьа чIогIа мохь а хьокху, аз а дика ду хьан. Ахьа йиш а локхур ю, вота а тухур ю, ткъа аса, гитара а локхуш, илли эр ду.
— Дика ду хIета, — аьлла жIаьло, — доьду вайшиъ Бремен-гIала.
И шиъ цхьаьна новкъадаьлла. Вир — вирах Iоьхуш хилла, жIаьла — жIаьлех леташ хилла. Иштта хIарашиъ дIадоьдуш, цIаьххьана новкъахь цициг дуьхьалкхетта кхарна. Некъан йисте а хиъна, чIогIа гIайгIане Iаш хилла цициг.
— Хьо хIунда ду оцу тайпана сингаттаме, ва цициг? — аьлла, хаьттина жIаьло.
— ЭхI-хIай, — аьлла цициго, — къинхетам бейша сох. Дукха хан яьккхира ас цхьана хIусамехь. Дехкий а, мукадехкий а лоьцура ас. Ткъа хIинца со къанделла, сан цергаш а артъелла. Иза шена хиъча, сан хIусамнанас со хи чу кхосса сацам бинера. Цундела со дедда дIадахара иза йолчуьра. Кхин дIа айса хIун дийр ду а ца хаьа суна, сайна юург муха лохур ю а ца хаьа суна.
Виро цуьнга элира:
— Дало тхоьца Бремен-гIала, цигахь урамнекъашкахула иллеш а олуш, лелар ду вай. Аз а хьан дика ду, ахьа иллеш эр ду, Iадхьокху пондар а ловзош, жIаьло йиш а локхуш, вота еттар ю, ткъа аса, гитара а локхуш, илли эр ду.
— Дика ду хIета, — аьлла цициго, — дIадогIу со шуьца.
Уьш цхьаьна новкъабевлла. Вир – вирах Iоьхуш йоьдуш хилла, жIаьла – жIаьлех леташ хилла, цициг шен маттахь «мIав» деш доьдуш хилла. Дикка дIаихна хIорш.
Цхьана нехан кевнна хIорш тIехбовлучу хенахь кхарна гина, керта тIе а хиъна, шен ма-хуьллу «Iу-Iа-ре-Iу-у!», бохуш, екаш Iаш йолу нIаьна.
— Ахьа ма чIогIа мохь бетта, ва нIаьна! Хьо лаа юй? – аьлла, хаьттина цуьнга виро.
— Хьуна хIун хилла? – хаьттина жIаьло.
— Хьуна цхьаммо бохам-м ца баьккхина? – хаьттина цициго.
— ЭхI-хIай, — аьлла, доккха са даьккхина нIаьно, — къинхетам бейша сох! Кхана сан хIусамдай болчу бахка безаш хьеший бу. Царна шун хIоттош, со ен а йийна, сан жижигах кечйина йолу чорпа яла бохку уьш царна. Дийцийша, ас хIун дан деза?
И хIума шена хезча виро аьлла:
— Яло, нIаьна, тхоьца Бремен-гIала. Цигахь урамнекъашкахула иллеш а олуш, лелар ду вай. Аз а хьан дика ду, ахьа иллеш эр ду, мерз-пондар а бекош, цициго, йиш а локхуш, Iадхьокху пондар локхур бу, жIаьло, йиш а локхуш, вота еттар ю, ткъа аса, гитара а локхуш, илли эр ду.
— Дика ду хIета, — аьлла нIаьно, — йогIу со шуьца.
Уьш цхьаьний новкъабевлла.
Вир – вирах Iоьхуш дIайоьдуш хилла, жIаьла – жIаьлех леташ доьдуш хилла, цициг шен «мIаьв» деш доьдуш хилла, ткъа нIаьна – нIаьнех екаш хилла.
ХIорш иштта дIаоьхуш, еана, буьйса тIекхаьчна. Виррий, жIаьлий доккхачу ножан диттана кIел дIадижна, цициг гена тIе хиъна, нIаьна уггар лакхахь доллучу гена тIе хьала а яьлла, цигара гонах дIасахьоьжуш хилла. Дикка дIасахьежначу кхунна геннахь йогу цхьа серло гина.
— Серло го суна! – аьлла, мохь тоьхна нIаьно.
Виро аьлла:
— Хьажа деза вай, и хIун серло ю. Генахь доццуш лаьтташ цхьа цIа хила а мега.
ЖIаьло аьлла:
— Цу цIа чохь жижиг хила а мега. Ас иза дуур ма дара.
Цициго аьлла:
— Цу цIа чохь шура хила а ма мегара. Ас иза молур ма яра.
Ткъа нIаьно аьлла:
— Цу цIа чохь кIен буьртигаш хила а мега. Ас уьш дуур ма дара.
Хьала а гIевттина, доттагIий цIе йогучу агIор дIабахна. Дукха хан ялале цхьа ирзу долчу кхаьчна хIорш. Цигахь лаьтташ цIа хилла, цу цIийнан цхьана корехула схьагуш серло а хилла. ЦIенна улло а яхана, вир корехула чухьаьжна.
— ХIун го хьуна цу чохь, вир? – аьлла, хаьттина нIаьно.
— Суна го стоьла хьалха дууш-молуш Iаш болу талорхой.
— Ма чIогIа яахIума юур яр-кх ас! – аьлла жIаьло.
— Ма чIогIа хьагделла-кх со! – аьлла цициго.
— И талорхой цу чуьра ара муха бохур бара те вай? – аьлла, хаьттина нIаьно.
Дикка ойла а йина, цара барт бина. Виро меллаша шен хьалхара ши ког коран уьна тIе хIоттийна, жIаьла виран букъ тIе даьлла, цициг жIаьлин букъ тIе хьалакоссаделла, ткъа нIаьна, тIема а яьлла, цициган коьрта тIе хиъна.
Эццахь кхара цхьаьний дукха чIогIа мохь хьаькхна: виро – вирах, жIаьло – жIаьлех, цициго – цицигах, ткъа нIаьна шен ма-хуьллу нIаьнех екаш хилла. Цу маьхьарца уьш ерриш а цу цIийнан корехула чулилхина.
Дукха кхерабелла бегош болу талорхой хьун йолчу агIор дIабевдда, къайлабевлла.
Ткъа доттагIий, стоьла хьалха дIа а нисбелла, шайна хIума кхалла хIоьттина. Дикка юуш-молуш а Iийна, уьш дIабийшина.
Вир кертарчу ала тIе, яхъелла, дIайижна, жIаьла неIарна хьалха дIадижна, цициг, хьаьрччина, йовхачу пеша тIе дIадижна, ткъа нIаьна, тIема а яьлла, цIийнан кевнна тIе а яьлла, цигахь дIатевжина. Шайн чуьра чиркх дIа а байина, уьш дIабийшина.
Ткъа талорхой хьуьна юккъера схьа шайн цIийне хьоьжуш Iаш хилла. Мацца а хан яьлча, царна гина шайн корера серло дIайовш. Массо а меттехь бода хIоьттина.
ТIаккха цара шайна юкъара цхьаъ вахийтина цIа чохь хIун ду хьажа. Шаьш кхин чIогIа бахьана а доцуш, кхераделла, девдда дIадахана хила а ма мега аьлла, хетта царна.
Шайн цIенна улло схьа а веана, яахIума кечъечу чоьнна чуваьлла талорхо. Пеш йолчу агIор дIахьаьжначу кхунна, кIега санна йогу ши серло гина. «Уьш кIегий хила мега. ХIинцца царех серло а латийна, хьожур ву со», — аьлла, ойла йина цо.
Цу кIеганах кхо сирник Iоьттина, ткъа иза цициган бIаьрг хилла. ОьгIаздахана цициг, хьала а иккхина, хур деш, талорхочунна шен тIод тоьхна, дукха чIогIа хиш-ш дан доладелла.
Кхеравелла, Iадийна волу талорхо неIарехьа дIахьаьдда. Эццахь жIаьло когах катоьхна, схьалаьцна хIара. Цунах кIелхьараваьлла, ведда воьду талорхо, кертахь ала тIехь Iуьллучу виро берг тоьхна, тентагваьккхина. ТIаккха иза ков долчу агIор дIаведда. Цу сохьта цу тIера нIаьна кхайкхина:
– Iуь-Iа-ре-Iу-у! — аьлла.
Ша ма-ваддало, хьун йолчу агIор дIаведда талорхо. Шен накъостий болчу ведда тIе а веана, халла са а доьIуш, цо аьлла:
— Ма бала беана вайна тIе! Вайн цIа чохь кхераме дIуьтIанаш баха хевшина. Цара суна тIехь ца деш хIума а ца дити: цхьаммо шен дехачу пIелгашца сан юхь тIе мIараш теси, вукхо, урс тоьхна, сан ког лазийна, кхозлагIчо сан букъ тIе цхьа йоккха хIума туьйхира, ткъа воьалгIачо, со араиккхича, суна тIаьхьа мохь хьаькхира:
– Схьалаца къу! Схьалаца къу! – аьлла.
– ЭхI! И ма доккха хIума ду! – аьлла талорхоша. – Вай кхузара дукха сиха дIадаха деза!
Уьш цу кхерабаларх махкара бевлла дIабахара, кхин юха а ца баьхкира.
Ткъа иллиалархой виррий, жIаьлий, цициггий, нIаьний церан цIа чохь самукъане баха хевшира.
Баркал! хаза хити вай маттахь ишт атта долуш йеша х1ум карича. кхи къоргера яздам ца хаа суна, амма кху текст т1ехь маситта г1алат кари суна
Дела реза хила