ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI

Г. Х. Андерсен

Перевод на чеченский Тамары Чагаевой

Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Ехаш-Iаш яра цхьа зуда. Цуьнан цхьа а бер дацара. Цунна чIога лаьара шен, жима а долуш, бер хуьлийла. Цхьана дийнахь къена зуда-бозбунча йолучу а яхана, цо элира:
— Суна чIогIа лаьара сайн, жима а йолуш, йоI хуьлийла. Дуьйцур дацара ахьа суна, иза мичара ер яра?
— ХIунда ца дуьйцу? — аьлла, жоп делира бозбунчо. — ДIаэца, хIара мекхан буьртиг бу хьуна. Амма хIара ахархойн кхаш тIехь болучух тера а боцуш, шайтайпа буьртиг бу. И буьртиг, зезагаш дIадуьйш йолучу кхийрачу кхаби чу дIабе, тIаккха хуур ду хьуна кхидIа хиндерг.
— Баркалла хьуна! — элира зудчо бозбунче, цунна шийтта кегийра ахча а луш.
Цул тIаьхьа цIа а яхана, мекхан буьртиг зезагаш дIадуьйш йолчу кхийрачу кхаби чу дIабийра цо. Цу мекхан буьртиго, ша дIа ма-бийннехь, зIийдигах доккха а долуш, инзаре хаза зезаг хилира, алцIензIамах (алцIензIам — оьрсаша «тюльпан» олу зезаг) тера а долуш. Цу зезаган патарш вовшашна тIеттIадахана дара.
— Ма хаза зезаг ду хIара! — элира зудчо, цунна оба олуш.
Цо иза дешшехь, и зезаг, тIах — аьлла, тата а даьлла, схьаделладелира. ХIинца иза ма-дарра алцIензIам дара, амма цунна юккъехь, баьццарчу йизана (йиз — оьрсаша цунах «пестик» олу) тIехь Iаш йоI яра. Иза, цхьа цIинцIолг бен йоцуш, чIогIа жима яра. Цундела йоIана, ЦIинцIолг-йоI аьлла, цIе тиллира.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
БочабIаран чкъуьйриг цуьнан ага дара, сийна тобалкх (оьрсаша «фиалка» олу зезаг) — гоь яра, розин жаз (оьрсаша цунах «лепесток» олу) — юргIа дара. БIаран чкъуьйриг чу иза буьйсанна дIаюьжура, ткъа дийнахь стоьла тIехь ловзуш Iара. Цу зудчо стоьла тIе чохь хи долу бошхап хIоттийра. Цу бошхепан йисте зезагаш дехкира цо. Церан деха гIаддаш цу хи чохь луьйчуш дара. Чохь хи долу бошхап йоIана боккха Iам санна хетара. Иза зезаган жаз тIехь цу хи чухула, хинкеманна тIехь санна, хехкалора. Пийсигийн метта цуьнгахь, кIайн а йолуш, говран ши мас яра.
ЦIинцIолг-йоI дийнахь сарралц шен тамашийначу хинкеманна тIехь хехкалуш яра. Иза бошхепан цхьана йистера вукху йисте а юьйлуш, эшарш а лоькхуш, лелара. Цуьнан санна долу эсала аз цхьанна а хезна дацара.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Цкъа цхьана буса, ЦIинцIолг-йоI шен аганна чохь йижина Iуьллучу хенахь, дIадиллина долчу корехула хIара йолчу чуелира йоккха бецан пхьид. Иза тIеда а, ирча а яра.
Иза стоьла тIе а кхоссаелла, ЦIинцIолг-йоI дIайижина Iуьллучу бочабIаран чкъуьйриг чу хьаьжира.
— ЭхI, ма тайна зуда хир ю кхунах сан кIантана! — элира бецан пхьидо.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЙоI чохь йолу бIаран чкъуьйриг, катоьхна, схьа а эцна, кхоссаелла корехула беша араиккхира иза.
Бешахь охьадогIуш хи дара. Цу хин йистехь лаьтташ чуузу уьшал яра. Кхузахь, уьшалан Iехана юкъахь, шен къена нана санна, ирча а, тIеда а.
— Вакъ, вакъ! — элира цо, шена бIаран чкъуьйриг чохь Iуьллуш йолу жима йоI гича.
— Ма ел гIовгIа! Самайоккхур ю ахь иза! Вай долчуьра едда дIагIур ма ю иза! — элира къеначу пхьидо шен кIанте. — ГIургIезан месал а яй ма ю иза. Вай иза хIинца хина юкъахь доккхачу зезаган гIа тIе охьахаор ю. И гIа хIокху цIинцIолгана йоккха гIайре санна ду. Цигара иза цкъа а дIаяхалур яц. Ткъа ас хIинца шуьшинна Iеханна юкъахь хаза бен бийр бу.
Хи чохь тIедолуш даккхий зезагаш дара. Церан даккхий шуьйра гIаш хи тIехула лелаш дара. Уггар доккха гIа хин йистенна геннахь дара. Цу гIанна, нека деш тIе а яхана, йоI чохь йолу бIаран чкъуьйриг цу тIе охьахIоттийра пхьидо.
Дюймовочка картинки дюймовочка. ЦIинцIолг-йоI на чеченском языке для детей
Iуьйранна хьалххехь самаяьллачу ЦIинцIолг-йоIана, гонаха бIаьрг тоьхча, шена цкъа а ца гинчу метте ша кхаьчнийла хиира. Гонахь массо а меттехь хи дара, ткъа хин йист геннахь яра. ЧIогIа кхераелла йолу ЦIинцIолг-йоI йилхира.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Ткъа къена пхьид уьшалан Iеханна юккъехь шен цIа кечдеш яра, эрз а, можа зезагш а тIе а туьйсуш. Иза шен цIа къоначу несана там бан гIерташ йоллура. Кечам бина яьллачул тIаьхьа, йоккха пхьид шен ирчачу кIантаца ЦIинцIолг-йоI йолчу тIеяхара. Цуьнан ага схьа а эцна, шайн бен чу охьахIотто дагахь яра иза. ЙоIана хьалха лохха охьа а таьIна, цо элира:
— ХIара сан кIант ву! Иза хьан майра хир ву. Шуьшиъ хин Iеханна юккъехь чIогIа дика даха хуур ду.
— Вакъ, вакъ! — аьлла, вистхилира пхьидан кIант.
Пхьидаш, бIаран чкъуьйриг схьа а эцна, нека а деш, дIаяхара. Ткъа ЦIинцIолг-йоI баьццарчу гIа тIехь латта йисира. Иза доггах елха йолаелира. Цунна чIогIа ца лаьара боьха пхьид йолчохь яха хаа а, я цуьнан маьттазчу кIанте маре яха а.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей

Продолжение следует.
Следите за обновлением сайта.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован.