Продолжение
Цхьана дийнахь къена боьлкъазар еара, ЦIинцIолг-йоIана захало дахьаш.
— ХIинца вайшиммо хьуна маре йоьдуш дахьа хIума кечдан деза, — элира къеначу дехко. — Хьо маре йоьдуш верг чIогIа хьалдолу эла ву, цундела хьан массо а хIума хила деза.
Цул тIаьхьа дуьйна ЦIинцIолг-йоIан массо а дийнахь тIаргIа хьовзош Iан дийзира. Къеначу дехко болх бан йиъ гезг лецира. Уьш дийнахь а, буса а дехкан бен чохь тайп-тайпана кIадеш деш яра.
Ткъа онда а, бIаьрзе а йолу боьлкъазар, хIора суьйранна хIорш болчу а йогIий, къамелаш деш Iара. Цо, кестта аьхке дIа а яьлла, малх латта дохдечуьра соцур бу, ткъа латта юха а кIеда а, семса хир ду бохуш, дуьйцура. ТIаккха, зуда а ялийна, той хIоттор ду ша бохура цо. Амма ЦIинцIолг-йоI, де-дийне мел дели, гIайгIане а, йоьлхуш а яра. Цунна ца лаьара ерстинчу боьлкъазаре маре яха.
ХIора Iуьйранна, малх схьакхетачу хенахь а, иштта, хIора суьйранна, малх дIабузучу хенахь а, ЦIинцIолг-йоI дехкан Iуьрган йисте йогIура. Наггахь мохо кIен кенийн баххаш дIаса а хиладой, сийначу стигалх бIаьрг кхетара йоьIан.
«Ма сирла а, ма хаза а ду-кх кхузахь!» — бохуш, ойла йора ЦIинцIолг-йоIа. Цунна кест-кестта чIегIардиг дагаоьхура. ЙоIана чIогIа лаьара и олхазар ган, амма чIегIардиг цхьанхьа а гуш дацара: схьахетарехь, иза геннахь йолчу баьццарчу хьуьнхахь лелаш дара.
ТIееара гуьйре. ЦIинцIолг-йоIан маре йоьдуш хьо хIуманаш а кийча яра.
— Кхин диъ кІира даьлча хьан ловзар хир ду! — элира ЦІинцІолг-йоІе, аренан дехко.
Амма ЦIинцIолг-йоIа, елха а йилхина, элира, шена сингаттамечу боьлкъазаре маре яха ца лаьа аьлла.
— Iовдал хIума ма дийца! — элира къеначу дехко. — Юххьара ма йийла! Хьо дукха тIехъялахь, аса сайн кIайн церг юллур ю хьуна. Хьо стенна реза яц боьлкъазарна? Паччахьан зудчун а яц цуьнан санна йолу бархатан кетар. Цуьнан лармеш (ларма -цIийнан бухахь яьккхина чоь, оьрсаша цунах «погриб» олу) чохь а деса дац. Далла хастам бе хьайна иштта волу майра карорна!
ТIаьххьара а тIедеара йоI маре йоьду де. Боьлкъазар шен нускал дIадига еара. ХIинцачул тIаьхьа ЦIинцIолг-йоI боьлкъазаран бен чохь яха дезаш яра. Ткъа цуьнан бен кIоргга лаьттан бухахь бара. ХIинцачул тIаьхьа цунна цкъа а малх гур бацара — боьлкъазаро иза бен чуьра ара йолуьйтур яцара.
Мискачу ЦIинцIолг-йоIана чIогIа хала дара малхах къаста! Иза тIаьххьара цунах бIаьрг тоха араелира.
Кха тIера ялта чудерзийнера. Лаьттара хьалакъедаш дакъаделла доца гIодмаш дара. Дехкан бенна уллора жимма дIа а яьлла, малхе куьйгаш дIакховдийра йоIа:
— Iодика йойла хьан, малх! — аьлла.
Цул тIаьхьа цуьнан бIаьрг кхийтира жимачу цIечу зезагах. Иза мара а доьллина, йоIа элира:
— ЧIегIардиг хьайна гахь, цуьнга маршалла лолахь!
— ЧIир! ЧIир! — олуш хезира йоIана шен коьрта тIехула.
Корта хьалаайбича, йоIана шена уллохула дIадоьду чIегIардиг гира. ЧIегIардигна а гира ЦIинцIолг-йоI. Цуьнан чIогIа самукъадаьллера, йоI шена гича. ЦIинцIолг-йоIа, елха а йоьлхуш, дIадийцира чIегIардиге шена ерстинчу боьлкъазаре маре яха ца лаарх а, цуьнца цкъа а малх ца кхетачу лаьтта бухарчу бен чохь яха хаа ца лаарх а лаьцна.
— ТIекхочуш ду шийла Iа, — элира чIегIардиго. — Со генарчу бовхачу махка дIадоьдуш ду. Соьца дIайогIий хьо? Сан букъ тIе хаа. Охьа ца йожийта хьо чIоггIа доьхканца дIаехка. ТIаккха вай боьха боьлкъазар йолчуьра генна дIагIур ду, сийначу хIордал дехьа а девлла. Цигахь массо а хенахь аьхке а лаьтта, тIедовлуш исбаьхьа зезагаш а ду. ДIайола соьца, хьоме цIинцIолг! Хьо сан хьоме цIинцIолг ма ю! Ахь со лечуьра ма даьккхира, гIора а дина, Iаьржачу, шийлачу кIаг чохь со Iуьллучу хенахь.
— ХIаъ, хIаъ, со хьоьца дIайогIу! — элира ЦIинцIолг-йоIа.
ЧIегIардиган букъ тIе а хиъна, цо ша дIайихкира цуьнан уггар доккхачу пелагах.
Iодара баьлла пха санна, стигала ирхдахара чIегIардиг. Иза Iаьржачу хьаннашна тIехула, сийначу хIордашна тIехула, тIехь ло Iьллучу лекхачу лаьмнашна тIехула дIадоьдуш дара. Стигалахь чIогIа шийла яра. Цундела ЦIинцIолг-йоIа чIегIардиган месаш юккъе а яхана, цу юккъера шен корта жимма гучубаьккхира. Цунна шайна бухахь схьагуш йолчу хазачу меттигашка бIаьргтоха лаьара.
ТIаьххьара а уьш бовхачу махка дIакхечира. Кхузахь малх чIогIа бовха бара, стигал вай долчуьрчул а шозза лекха яра, хершнашна а, керташна а тIехула дIахьаьрчина хаза баьццара кемсаш а яра. Хьуьнхахь тIейолуш апельсинаш а, лимонаш а яра. Урамнекъашкахь ловзуш лелаш самукъане бераш дара, даккхий, къорза полларчий а лоьцуш. Амма чIегIардиг кхин а гена дIадоьдуш дара.
Боккхачу сийначу Iома йистехь, хазачу дитташна юкъахь лаьтташ кIайн шагатIулгах дина доккха цIа дара. Цуьнан лекхачу бIогIамашна тIехула хьалахьирчина яра кемсийн таьллангаш. Цу цIийнан лекхачу тхевнна тIехь дина олхазарийн баннаш дара. Царна юкъарчу цхьана бен чохь Iаш дара чIегIардиг.
— ХIара ду сан цIа! — элира чIегIардиго. — Ткъа ахьа уггар хаза зезаг схьакъастаде. Ас цунна тIе охьайоссор ю хьо. Цул тIаьхьа хьо ирсе яха хуур ю.
ЦIинцIолг-йоьIан чIогIа сакъераделлера. Йоккхаеш йолу йза самукъане тIараш детта йолаелира.
ЦIийнан уллохь Iуьллуш шагатIулган масех аьхк яра. Царна юкъахь тIедевлла даккхий кIайн зезагаш дара. Лаха охьа а даьлла, чIегIардиго шуьйрачу зезаган жаз тIе охьахаийра йоI. ХIара ма тамашийна хIума ду! Цу зезагана чохь Iаш жима а волуш стаг вара. Иза ша кIайн а, ангалех вича санна, чекх са гуш а вара. Цуьнан букъ тIехьа лесташ дайн тIемаш дара, коьрта тIехь жима дашо таж (Таж — паччахьша коьртахь лелош болу куй. Оьрсаша цунах «корона» олу.) дара. Иза вайн ЦIинцIолг-йоIал бен вацара. И жима стаг эльфийн (Эльф — туьйранашкахь хуьлуш долу, букъ тIехь тIемаш долу кегий адамаш.) паччахь вара.
ЧIегIардиг зезагна улло деъча, эльф чIогIа кхеравелира. ЧIегIардиге хьаьжча иза чIогIа жима вара! Амма цунна чIогIа хазахийтира шена ЦIинцIолг-йоI гича — цунна цкъа а ца гинера цу тайпана хаза йоI. ЦIинцIолг-йоIана хьалха охьа а таьIна, цо, цуьнан цIе хIун ю аьлла, хаьттира.
— ЦIинцIолг-йоI ю, — аьлла, жоп делира йоIа.
— Хьоме ЦIинцIолг-йоI, — элира эльфо, — соьга маре ян лаьий хьуна?
ЦIинцIолг-йоI цу сохьта резахилира.
ТIаккха хIора зезаг чуьра арадевллачу эльфаша ЦIинцIолг-йоIана совгIаташ деара. Уггар а дика совгIат цара деана долу чекх са гуш долу тIемаш дара. Уьш ЦIинцIолг-йоIана букъ тIе дIадихкира цара. ХIинца иза а, зезагна тIера зезаг тIе а юьйлуш, лелара. Цуьнан чIогIа самукъадаьллера и тIемаш бахьана долуш!
Ткъа чIегIардиг шен бенахь, эшарш а лоькхуш, Iаш дара. Аьхке дIаяллалц лийкхира цо эльфашна эшарш, амма шийлачу мехкашкахь бIаьсте тIееача, иза шен даймохк болчу дIадаха кечделира.
— Iодика йойла хьан, ЦIинцIолг-йоI, — элира чIегIардиго, ша бовхачу махкара Дани-пачхьалкхе дIадоьдуш.
Цуьнан цигахь жима бен бара. И бен цо туьйранаш дийца хууш волчу цхьана стеган кора тIехь бинера. ЧIегIардиго цуьнга дийцира ЦIинцIолаг-йоIах лаьцна, ткъа вайна и хIума цу стагера хиира.