ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен)

Продолжение
Хьуьнхара араяьлча, цунна доккха кха гира. Цу кха тIера ялта дуккха а хьалха чудерзийнера. ГIорийначу лаьтта юккъера кIен гIодмийн юьхкаш яра хьалакъедаш.
Кха тIехь хьуьнхахьчул а чIогIа шийла яра, цундела миска йоI кхин а чIогIа шелъеллера. ЦIинцIолг-йоI дехкан бенна чу доьдуш долчу Iуьрга тIе кхечира. И Iуьрг, тIе якъаелла буц а, гIа а диллина, дIакъевлина дара. Аренан дахка бовха а, токхе а болчу шен бен чохь Iаш бара, массо а меттехь дIадоьттина лаьтташ кIен буьртигаш а долуш. ЦIинцIолг-йоI, неIсагIина тIе а хIоьттина, сагIа доьхург санна, лаьтташ яра. Цо, шена мекхан буьртиг ло аьлла, дийхира — ши де а дара цо хIума яаза.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
— Миска хьо яI! — элира къеначу дехко (иза къинхетаме дахка бара). — Схьайола кхуза, йохло, соьца хIума а кхалла!
ЦIинцIолг-йоIа, бен чу а йоьссина, йох а елла, шена хIума йиира. Къена дахка йоIана чIогIа резахилира. ЙоIе цо элира:
— Iа дIадаллалц со йолчохь саца. Ас кхобур ю хьо, ткъа ахьа, сан цIа чохь гIуллакх а деш, суна туьйранаш дийца. Суна чIогIа дукха деза туьйранаш.
Къеначу дехко шега мел аьлларг а деш, иза болчохь сецира ЦIинцIолг-йоI. Бовхачу дехкан бен чохь чIогIа дика Iойла дара цуьнан.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
— Вай долчу кестта хьеший богIур бу, — элира цхьана дийнахь аренан дехко. — Со йолчу кIирнах цкъа сан лулахо вогIу. Иза чIогIа хьалдолуш ву, сол дуккха а дика вехаш а ву. Лаьтта бухахь доккха цIа ду цуьнан. ТIеюьйхина хаза бархатан кетар а ю цуьнан. Маре гIохьа цуьнга, йоI! Цуьнца хилахь, хьо йовр яц. Цхьа хIума ду вон: иза ша бIаьрзе ву, цунна хьо гур яц. Цунна, дуьнен чохь уггар хаза туьйранаш а дуьйцуш, Iийр ю хьо.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Амма ЦIинцIолг-йоIана чIогIа ца лаьара лулахочуьнга маре яха — иза боьлкъазар (боьлкъазар — лаьтта бухахь бенаш а деш, дехаш долу экха. Оьрсаша цунах «крот» олу) ма яра.
Кестта боьлкъазар хьошалгIа еара аренан дахка болчу. Иза чIогIа кура а, хьекъалх юьзна а, хьалдолуш а яра. Цунна тIехь чIогIа хаза бархатан кетар а яра.
Цуьнан цIа ткъозза доккха дара аренан дехканчул а. Цу цIа чохь яккхий а, еха а чоьнаш яра. Амма цу чоьнаш чу цкъа а малх ца хьо жура. Боьлкъазарна малх а ца безара, зезагаш а ца дезара — уьш цунна цкъа а гина дацара.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
Везачу хьешана эшарш лакхийтира ЦIинцIолг-йоIе. Цо чIогIа хаза ши йиш лакхар бахьана долуш, боьлкъазарна йоI езаелира. Амма цо цхьа а дош ца элира — иза тамехь а, бакъхьара а хьаша ма вара.
Цул тIаьхьа боьлкъазара шен цIенна тIера дехкан бенна тIе кхаччалц лаьтта бухула чугIойла яьккхира. Цо дехке а, ЦIинцIолг-йоIе а шеца цигахула дуьйладала дIакхайкхира.
Боьлкъазар, серло луш йолу мурйоьлла дечиг шен бага а лаьцна, хьалха а яьлла, дIайолаелира. Жимма некъ бинчул тIаьхьа цо, саца а сецна, элира:
— Кхузахь Iуьллуш цхьа олхазар ду, амма шуьшиъ цунах ма кхера — иза делла ду.
Боьлкъазара, шен беха мара а Iоьттина, тхов тIехь Iуьрг даьккхира. Цу сохьта маьлхан серло кхйитира лаьтта бухарчу чугIойли чу. ЦIинцIолг-йоIана гира делла Iуьллуш долу чIегIардирг. Иза тIехь месаш а, зIок а йолуш боккъал долу чIегIардиг дара. Иза делла дукха хан йолчух тера а дацара. Iа долалучу хенахь дала а делла, боьлкъазаран Iуьрга чу доьжначух тера дара иза.
Делла Iуьллучу чIегIардиган тIемаш цуьнан дегIана тIетаIийна дара, ткъа когаш а, корта а месаш юккъе дIалачкъийна бара. Миска чIегIардиг, шело а ца лайна, деллачух тера дара.
ЦIинцIолг-йоIана чIогIа къахийтира чIегIардигах. Аьхке дIаяллалц шена цара исбаьхьа эшарш лекхна дела, йоIана дукхадезара олхазарш. Амма боьлкъазара, чIегIардигах шен доца тIод а Iоьттина, элира:
— ХIинца-м шок еттар яцара ахьа! Суна луур-м дацара со хIара санна долу хьоза хуьлийла! Цунна чкъар-чкъир дар бен, хIумма а ца хаьа. Ткъа, Iа тIедеъча, хIун дийр ду цо, шелонна я мацалла ца делла? Сан берашна-м кхера меттиг бацара Iаьнах.
— Иштта ду иза, иштта ду! — элира къеначу дехко.
— ХIун пайда болу чкъар-чкъир дарх? Цунах вуьзна а хир вац, вох а лур вац.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей

ЦIинцIолг-йоI, хIумма а ца олуш, лаьтташ яра, амма цушиммо чIегIардигана букъ берззошшехь, охьа а таьIна, чIегIардиган пелагаш дIаса а теттина, цуьнан дIакъевлинчу бIаьргашна оба элира цо.
«Хьо аьхка хаза эшарш а лоькхуш, лелла хилла долу чIегIардиг хила а ма мега, — аьлла, ойла йира йоIа. — Ма дукхазза а самукъадаьккхира ахь сан, хьоме чIегIардиг!»

Цул тIаьхьа боьлкъазара ша тховх даьккхина Iуьрг дIа а дуькъна, къена дахка а, ЦIинцIолг-йоI а церан цIа дIакхетийра.

Дюймовочка<br /> <img src=
ЙоIана буьйсанна наб ца кхетара. Шен меттара хьала а гIаьттина, якъаеллачу бецех куз а буьйцина, чIегIардиг долчу а яхана, делла Iуьллучу цунна и куз тIетесира цо. Цул тIаьхьа дехкан бен чуьра бекъа а, кIеда а болу корсам а беана, цунах чIегIардигна мотт биллира цо.
— Iодика йойла хьан, хьоме чIегIардиг! — элира ЦIинцIолг-йоIа. — Баркалла хьуна аьхка дитташ баьццара долчу хенахь, малх къеггина кхеттачу хенахь ахь суна хьайн хаза эшарш лекхарна!
ЧIегIардиган некха тIе шен корта а биллина Iаш йолу йоI цIаьххьана кхераелира: цунна чIегIардиган кийрахь цхьа хIума етталуш санна хийтира. Иза цуьнан дог дара. ЧIегIардиг делла дацара, иза шелонна гIорийнера. Ткъа хIинца иза, дох а делла, меттадеанера.
ЦIинцIолг-йоI дукха кхераяларна егайора — цIинцIолг бен йоцчу кхуьнга хьаьжча, олхазар инзаре доккха хетара. Делахь а, шегара берриг ницкъ схьа а гулбина, ша бина болу куз чIегIардигна тIехьарчийра йоIа. Цул тIаьхьа едда яханчу цо шена тIетосуш лелош долу Iаждарбецан гIа, схьа а деана, чIегIардиган коьрта тIе хьарчийра.
ШолгIачу буса ЦIинцIолг-йоI юха а, лечкъина, чIегIардиг долчу яхара. Иза денделлера, амма хIинца а чIогIа гIийла дара. ЙоIе хьажархьама халла ши бIаьрг схьабиллира цо. ЩинцIолг-йоI цунна хьалхахь лаьтташ яра, серло луш йолу мурйоьлла дечиг карахь а йолуш — цуьнан кхин цхьа а тайпа чиркх бацара.
— Баркалла хьуна, жима йоI! — элира цомгуш долчу чIегIардиго. — Ма дохдели-кх со! Кестта толур ду со, тIаккха юха а малхенга дер ду.
— ЭхI, ма шийла ю-кх вайна! — элира ЦIинцIолг-йоIа. — Ло ду догIуш. Цул а хьайн бовхачу меттахь Iе, ткъа ас хьан Iуналла дийр ду.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЦIинцIолг-йоIа зезаган жаз чохь хи а, масех мекхан буьртиг а беара цунна. Ша хи а мелла, мекхан буьртигаш а диъна даьллачул тIаьхьа, цо ЦIинцIолг-йоIана дийцира, ша, коканан коьллех а тесна, тIам лазор бахьана долуш, вукху чIегIардигашца бовхачу махка дIадахаза дисна хиларх лаьцна.
ТIедеара Iа, арахь чIогIа шелъелира. ГIорийна долу чIегIардиг лаьтта охьадуьйжира… ЧIегIардигна кхин цхьа а хIума дага ца догIура — ша охьа муха доьжна а, ша лаьтта буха муха кхаьчна а цунна ца хаьара.
Iа дIадаллалц Iийра чIегIардиг лаьттан бухахь, ткъа ЦIинцIолг-йоIа цунна Iуналла дора.
Я боьлкъазарна а, я дехкана а цунах лаьцна хIумма а ца хаьара — царна олхазарш деззане а ца дезара.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей

БIаьсте тIе а еана, арахь малх хьаьжча, ЦIинцIолг-йоIа боьлкъазаро тховх даьккхина долу Iуьрг схьадаьстира, чIегIардиг дIадахийтархьама.
Дюймовочка картинки дюймовочка. Ц1инц1олг-йо1 на чеченском языке для детей
ЧIегIардиго йоIе хаьттира, шен букъ тIе а хиъна, иза дIайогIий аьлла. Амма ЦIинцIолг-йоIана къеначу дехках чIогIа къахетара — йоIана хаьара, ша дIаяхча, цуьнан чIогIа сагатлур дуйла.
— ХIан-хIа, сан хьоьца дIаян йиш яц, — элира цо чIегIардиге.
— Iодика йойла хьан, хьоме йоI! — элира чIегIардиго ша тIема долучу хенахь.
Цунна тIаьхьахьоьжуш лаьттачу ЦIинцIолг-йоIан бIаьргех хи делира — цунна и олхазар чIогIа дукха ма дезаделлера.
— ЧIир! ЧIир! — аьлла, баьццара хьун йолчу агIор дIадахара чIегIардиг.
Ткъа йоI дехкан бен чохь йисира. ХIинца цуьнан дахар чIогIа вон дара. Иза малхе ара а ца йолуьйтура, ткъа дехкан Iуьрган гонаха лекха а, стомма а долу кIен кенаш хьаладевллера. ЦIинцIолг-йоIана уьш луьста хьун санна хетара.

Продолжение следует.
Следите за обновлением сайта.

ЦIИНЦIОЛГ-ЙОI (Г. Х. Андерсен): 1 комментарий

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован.